1994 шеран ГIуран-беттан 9-чохь Ельцин Бориса арахийцира ши документ: Нохчийчуьрчу «ТIеман гIеранашна духьалойарах» долу указ а, и гIеранаш ницкъаша къарйарах болу сацам а. Цул тIахьа ши де даьлча болабелира Оьрсийчоьнан-Нохчийчоьнан хьалхара тIом.
«Беда» а, «После» а хьостанашнашна ша кечйинчу материалехь Юлдашева Лилияс карладоккху Къилбаседа Каказера Оьрсийчоьнан колонизацех дерг, дуьйцу Нохчийчуьрчу бахархоша шайн маршонехьа латточу къийсамах лаьцна.
«После», «ТIаьхьа» (posle.media) — Украинина дуьхьал бен тIом, цуьнан бахьанаш, тIаьхьалонаш политикан маьIне йохку аьрру агIор лаьтта социализман платформа.
Советан Iедал доьхначул тIаьхьа Оьрсийчоьно бинчу некъан исторехь дуьххьара йац Украина дуьхьаллаьтта тIеман агресси а, дIалецначу территорешна тIехь Украинерчу бахархошна тIейоьжна адамаллица йогIуш йоцу юкъаметтиг а. Арахьарчу политикан метта гIелонаш йаржор дозу Путинан режиман бухца, ткъа оцу хьесапе иза ерзайолаелира Нохчийчохь шолгIа тIом баьлча. ХIетахь, 1999 шарахь, политикан сацамаш тIеэца де доцуш, къанвала воьллачу Ельцинна хьалха ехкира Путина керла кепаш – тIамца йарташ дIалецар, царна тIе цхьабосса бомбанаш еттар, «нохчийн кризис» ерзорхьама махкарчу маьршачу бахархошна дуьхьал террор йаккхар.
Амма Ичкерин дозанал арахьа кIезиг бара хIетахьлерчу хиламийн къаьхьалла кхетийна нах, уьш бара уггаре хьалха бакъонашларъйархой а, журналисташ а. 1990-чу шерашкахь демократин, гуманизман некъ юхьаръэцна аьлла хеталуш йолчу Оьрсийчуьрчу юкъараллина бен-башха а дацара Нохчийчохь тIом адамаллица йогIуш йоцчу кепехь беш хилар. Хаамийн гIирсаша даржош долчу террорхочун-муджахIидан вастах тешаро кхетам малбинера нехан, гарехь, цундела кхидIа бечу тIемийн балабоцчу хьоле кхачийнера халкъ. Дукха адамаш ца девлира протесташка 2008 шарахь Оьрсийчоь Гуржийчоьнна тIелетча а, 2010 шарахь Шемарчу, Къилба Африкан Республикерчу тIемашна юкъайоьлча а. Ткъа 2014 шарахь ГIирма дIалацар тидира махкарчу бахархойн доккхачу декъо шайн даймохк сийлаллехь совболуш санна.
Нохчийчуьра шолгIа тIом Нохчийн Республикехь Кадыровн авторитаран режим хIоттарца берзаро ала таро ло дIалецначу Украинан территорешна тIехь Путинан режимо кхочушйан леринчу Iалашонийн хьокъехь: юкъаралла йуьззина тергоне эцар, оппозици ницкъийн гIоьнца охьатаIор (фильтран набахтешца, нах идорца, жигархошна, церан доьзалхошна тIехь Iазап, репрессеш латторца), халкъ дуьззина мутIахь дар, юкъараллера бакъонаш, маршонаш дIайахар, регионера бахархой тIеман конфликташка хьийсор (лаамза мобилизаци йар).
Хууш ду колониалан гIелонаш бумеранге йоьрзуш юйла: колонийн территореш тIехь зуьй гIелонаш, ткъа уьш цул тIаьхьа дIакхочу метрополе. Вайна го нах хьийзор, царна тIехь бIаьрг латтор, идор, шогачу кепехь лецар, кхерамаш тийсар, режимна критика йина автораш къарбар (цьарга бехказбуьйлу видеош йахийтар), и хьал Нохчийчуьра ара а даьлла, кхечу регионашкахула лела ламаст хилла латтар. Режимна духьал стратеги а, режимна кIера ца хила тактика а кхолла луучу тIеман дуьхьалончийн боламна пайде хир ду 25 шарахь, оццу хьелашкахь дацахь а, шайн хьесапашца царех тера догIучу хьолашкахь къахьоьгучу нехан зеделларг тидаме эцар.
Оьрсийчоьнан колониализм а, Кавказ а
Европерчу пачхьалкхашца дуьстича, Оьрсийчоьно цкъа а ца бина колониалан тIемаш, бохуш, чIагIдар — иза коьрта дакъа ду Оьрсийчоьнан идеологин нарротиван. Делахь а, деххачу шерашкахь Къилбаседа Кавказ йоккхуш бина тIемаш а, Къилбаседа Кавказерчу къаьмнашна дуьхьал репрессеш латтор а 1801 шарахь гIаьттина, тахана а дIабоьдуш болу болам — дагалаьцча, дика гуш ду Оьрсийчоьнан пачхьалкхаллин керлачу заманара колониалан хатI, хуьлда иза Оьрсийчоьнан импери, Советан Пачхьалкх йа Оьрсийчоьнан Федераци.
Кавказан истори а, Кавказан тIемаш а колониалан хьажамца гар кIоргга доьлла Оьрсийчоьнан юкъараллах, доьлла дешарх а, культурах а. Школашкахь хьоьхуш йолу Оьрсийчоьнан литературин классикийн кхолларалла (Лермонтовн, Бестужев-Марлинскийн, Пушкинан, Толстойн, Грибоедовн, иштта дIа кхиболчу йаздархойн а) йаьккхина ю ориентализмах а, экзотизацех а. «Кура, къарбала туьгуш боцу ламанхой» санна гойту Кавказан къаьмнаш, уьш «муьтIахьбан», «къарбан», «керстаналле берзо» беза нах бу оцу кхоллараллехь. «Ца дича цадериг» лору цо Оьрсийчоьнан эскаро бен тIом, ткъа тIемаш къиза барца гоьбевлла эпсарш а, инарлаш а (Еромолов Алексей саннарш) гойту майрачу баьччанийн, турпалхойн вастехь.
Билгалдаккха догIу, гоьбевллачу авторех цхьаболчара юкъ-кара хазош хилла шаьш тIамна дуьхьалхилар, критика еш хилла Оьрсийчоьнан Кавказерчу политикана, гIиртина поэзин хьесапехь кхолла «ламанхойн» шатайпа васташ. Делахь а, шаьш схьабевллачу гонна ларамбеш, декхаре хилла дукхахберш Оьрсийчоьнан эскаршкахь эпсаралла дIакхехьа. Оцу тIе, эцна дац Оьрсичуьрчу юкъаралло тидаме, ца даьхна цкъа а шен гонашкахь дискуссехь листа Кавказерчу къаьмнех схьабевллачу авторшна (Кавказан тIамах, регион кхиорах, иза бовзийтарх, кхидолчух) лаьцна хетарг.
Къилбаседа Кавказан литература, доккхачу декъехь, Iаьрбийн маттахь лелла (XVI бIешарахь регионехь Ислам чIагIдаларца доьзна), лелла автохтонан меттанашкахь барта кхоллараллин кепехь. Вайн замане кIеззиг бен ца кхаьчна Iаьрбийн маттахь кхиинчу литературин мехаллаш, оццу могIарахь фольклоран хьостанаш а, масала, нохчийн маттахь. И факт дозу Къилбаседа Кавказан къаьмнашна йинчу репрессешца, депортацица, барта кхолларалла евза нах хIаллакбарца, синмехаллаш, тексташ йагорца. Йолуш йолчу текстех дерг аьлча, уьш йац ехкина дешаран программашка, бахьана дозу иэс а, мехкашкара культура йовзар а хьаша лерина йолу колониалан политика хIинца а лелаш хиларца. Масала, йисинчу Кавказан тIеман историн-исбаьхьаллин хазанех ю Мухьаммад ТахIир ал-Карахин «Шемала бинчу цхьаболчу тIемашкахь дагестанхойн таррийн лепар» цIе йолу хроника (йазйина Iаьрбийн маттахь 1850 шерашкахь, оьрсийн матте йаьккхина 1941 шарахь) – оьрсийн арабистикан говзанчийн тергонехь лела иза (амма йац историн йа филологин факультетийн студентийн тидамехь). Иза системин проблема ю: цуьнан литературин историца бац боьзна дуккха а къаьмнех лаьттачу Оьрсийчохь наха буьйцу, цара шайн ойланашца кхобу 180 сов мотт. «Оьрсийн литература», школашкара а, университеташкара а программашка хьаьжча, ца йогIу йа «Оьрсийчоьнан» а, йа «оьрсийн маттарчу» а литературица. Цхьаъ делахь, цо декъа ца оьцу Оьрсийчуьрчу авторша кхечу меттанашкахь йазйина кхолларалла; шиъ делахь, декъа ца оьцу кхечу мехкашкахь оьрсийн маттахь йаздеш болу авторш. Оцу шина юкъардаккхаро хоьтуьйту Оьрсийчохь меттан а, исбаьхьаллин а майданаш цхьана хьесапехь бен йац, оьрсийн мотт лела дозанаш пачхьалкхан дозанашца дуьззина догIуш ду, олий. Иштта гIуллакх дIадодахь, гена дац оьрсийн мотт мел буьйцу территореш Оьрсийчоьнан хила еза боху ойла чIагIйала а.
Синбахам пачхьалкхан политиках дIаиэбина хиларх халкъо сагатдеш дацар — иза а бу гIирс пачхьалкхан карахь, оццу декъара нисло нехан кхетамехь литературах йозаелла еха эстетикан канон а — литературехь уггаре коьртаниг исбаьхьалла ю, олу. Литература, критиках мукъайоккхуш, политиках йуьстахйуьтуш хиларо аьтто ло иза исторех дIакъасто а, цуьнан кхоллам эстетикан канонехь латто а, оццу бахьаница йуьстахтаса таро ло муьлхха а литературан болх, хиларх а цо елхош гIелонаш, къизалла. Карарчу хенара Оьрсийчоьнан колониализман мур кхеторхьама, режимна дуьхьал латточу къийсамехь цхьаьна хилархьама, вай декхаре ду Кавказ йаккхарх йолу истори йухаталла — уггаре хьалха вайна евзаш хила еза мехкаш дIалецарна, универсализацина, къаьмнийн башхаллаш хьашарна, регионан иэс, мотт хIаллакбарна дуьхьал лаьттинчу къийсаман истори. Цуьнан субъекталла ган еза бохург ду иза: тIемашца йина дуьхьало а, империн заманахь инарлашца латтийна девнаш а, Советан Iедал тIедеъча дин, культура, меттанаш ларбеш латтийна дуьхьало а, иштта бакъоларъйархоша, журналисташа, жигархоша кху тIаьххьарчу 30 шарахь бина болх а.
Нохчийн дуьхьало: 1991 шо — карара зама
Советан пачхьалкх йоьхначул тIаьхьа Оьрсийчоьнан аьтто бара, деххачу шерашкахь лаьттина экспанси ерзош, империно къаьмнийн территореш долаэцна хиларх мукIарло дан а, уьш дIалецарна, колонизаци йаржорна, репрессеш йарна къерахила а. ХIетахь хIаваъ даьккхина лелара оцу хиламашна критика йан болу лаам, иштта лелара халкъашлахь маьршадовла болу лаам а. Ша-шена маршо кхайкхийна Нохчийн Республика Ичкери Ельцина къобалйаро кхечу къаьмнийн республикашна а аьтто лора сепарацин процесс дIайоло — оцо, шеко йоццуш, кхерийра Iедалан векалш. Боламо бакъйолу федерализаци кхолла аьтто бийр бара, йа хьал шатайпа прецедент а хилла дуьсур дара, алалур дац вайга. Амма 1991 шарахь махкахь деколонизаци йан йоло шанс яра, ткъа колониалан политика дIатосучу меттана, йолийра иза дIайахйан.
Нохчийчохь Хьалхара компани йола а йале кхоллаелира Оьрсийчоьнан керлачу Iедална дуьхьалойаран практикаш. Уьш екъа тарло еа кепе: тIеман, политикан, юридикан, этикан. ТIеман дуьхьалойар — оцо лелха магадора федералан, регионан ницкъашца тIематийсадаларш (регионехь Кадыровн режим дIахIоьттинчул тIаьхьа). Политикан тIедахкарш даржадора демонстрацешца, гуламашца, политикан цхьаьнакхетараллаш, платформаш кхолларца. Нохчийчохь адамийн бакъонаш Iалашйарца, бахархойн бакъонаш эшорца къийсалора, къийсало жигархойн а, бакъоларъйархойн а тобанаш хIинца а: юристаш, адвокаташ, журналисташ, блогераш. Этикан дуьхьало — нийсоне, доьналле, динчу зуламашна къерахиларе, зен хиллачу нахана шайн лазам балхо бакъо йитаре, Нохчийчохь лелла харцонаш йиц цайаре кхайкхар, тIом, репрессеш лайначу нехан дийцарш, доьзалшкара тоьшаллаш лехьор.
ТIеман дуьхьало сепаратистан (йа террорхочун) юкъарчу сибатехь гойтуш хьийзара Федералан Iедал — ткъа йацара Дуьхьало цхьана вастехь. Нохчийчуьра Iедал къийсучийн а, Оьрсийчоьнан эскаршца летачийн а тобанаш йара кеп-кепара. 1990 шарашкахь уьш дара Кавказан лаьмнашкарчу къаьмнийн конфедерацин эскарш (церан декъахь вара тIаьхьо шенна батальон кхоьллина а, сепаратистийн ницкъийн лидер хIоьттина а волу Басаев Шемал), Оьрсийчоьнехьа йолу тобанаш а, Дудаевна дуьхьаллаьтта оппозици а, республикан президентийн Дудаев ЖовхIаран (1991–1996), Яндарбиев Зеламхин (1996–1997), Масхадов Асланан (1997–2005) эскарш, Радуев Салманан, Атгериев Турпал-Iелин, Исрапилов Хункар-Пашин, кхечийн тобанаш. Церан идеологеш а, политикан хьежамаш а къаьсташ бара вовшех, хийцалора хан хене мел йолу: Нохчийчоьнан маршонехьа латточу къийсамна тIера Къилбаседа Кавказехь бусалба пачхьалкхаш йа, Нохчийчоьнан, Дагестанан, ГIалгIайчоьнан дозанаш юкъа а лоцуш, юкъара цхьа пачхьалкх кхолларна тIекхаччалц.
2000-чу шерийн юххьехь — ма-дарра аьлча, Нохчийчуьра Iедал Кадыров Ахьмадан карадирзича (2000-чу шарахь республикерчу администрацин коьрте хIоттийра иза, 2003-чохь хIоьттира президент), цунах хилира федералан политикан хьалханча, ткъа къайлах къийсам латточу хьоле елира Кадыровн–Путинан режимна дуьхьаллаьтта оппозици. «Контртерроран операци» йоьрзучу 2009 шаре кхаччалц лаьттира тIематийсадаларш, ца севцира уьш цул тIаьхьа а. Делахь а, коьртачу хиламийн могIарара девлира и тийсадаларш, дехира уьш шен тидамера Оьрсийчоьнан юкъаралло а.
ХIетте а, 2010 шерийн юккъехь а, уьш доьрзуш а кадыровхошца лелха тIематийсадаларш хьалхачул а алсам лаьттара, лелхара уьш эскаршна а, республикерчу полицин векалшна а дуьхьал. Тера ду ницкъхой Кадыровн политикан бух гойту агIо йолчух. Оцу тIематийсадаларийн башхалла йара церан декъахь тIеман хьелашкахь хьалакхиина, доьзалера йиша-вешин далар лайна, гуттар а кегий болу нах нислуш хилар. 2020 шераш дуьйлалучу муьрехь гуттар а лагIделира тийсадаларш: «контртерророран операцеш» дIахьош хIаллакбина йа лецна ларалора тIеман тобанашкара жигархой. Кадыровн официалерчу позицица а догIуш, и кегийнах бара «ДАIИШ» олучу радикалистийн-бусалбанийн тобанца. Амма ца далийра цунах тоьшаллаш.
Нахана хьалха кхайкхамаш а, тIамна дуьхьал демонстрацеш (политикан протесташ) а йарал совнах, оцу хенахь Нохчийчохь дIахьош бара бакъонаш ларйаран а, журналистийн а болх, гулдора тIеман а, Iедалан ницкъаша а дечу зуламех, латточу Iазапах а, резабоцурш лечкъорах а долу тоьшаллаш. 2000-гIа шераш дуьйладелча Нохчийчуьра хиламаш шуьйрачу юкъараллин тидамера бевллехь а, ца сацийра кху тIаьххьарчу 25 шарахь бакъоларъйаран журналистико шен болх. Билгалдаккха догIу оцу хьокъехь бакъоларъйархочо Эстемирова Натальяс куьйгалла деш хилла «Мемориал» центран дакъа. «Мемориало» гулдора Iазапех, нах хIаллакхбарх, байъарх, долу тоьшаллаш, кечйора меттигерчу а, иштта федералан а Iедало низам дохош хиларх йолу материалаш, йаздора фильтрацин набахтех лаьцна, документашка дерзадора эскаршкара а, ницкъхошкара а гIело лайначу нехан тоьшаллаш. 2009 шарахь Эстемирова йийча, Соьлжа-ГIаларчу «Мемориалан» декъан коьрте хIоьттира Титиев Оюб, амма туьйсучу кхерамаша, журналисташна а, офисашна а дечу тIелетарша хIалхалерчу барамехь болх бан ца витира иза. 2018 шарахь Титиевна дуьхьал бехктакхаман дов айдира 218-чу артиклца (жигархой лоьцуш, кест-кеста гIаттайо Нохчийчохь и артикл: низамехь а доцуш наркотикаш эцар, лелор, дIасайахьар), оццу шарахь диъ шо кхайкхийра цунна набахтехь такха, мукъаваьккхира хенал хьалха 2019 шарахь. Соьлжа-ГIаларчу «Мемориалан» декъо сацийра болх, амма йовза луучарна, хьалха а санна, тIекхочийлехь ю хьийзийначу нахах а, куьг-бехке болчух а йолу архиваш.
Репрессеш лелаш йоллушехь, оппозицин журналистико а, бакъонаш ларъечу боламо а шайн гIуллакх дIакхийхьира социалан машанашкарчу телеграм-каналийн а, жигархойн аккаунтийн а гIоьнца, юкъарло латтадора цаьрца могIарчу инициативаша а, гIоьналлин тобанаша а. 2003-чу шарера схьа тахханалц болх беш схьадогIу регионера политикан, юкъараллин дахар гойту дозушдоцу «Дош» журнал. 1АDAT телеграм-канало ца хеддаш зорбане йоху доьза байначу нехан цIерш, дIахьо шен талламаш. ХIара текст кечъечу юкъанна канало довзийтира шен жигархочунна Тепсуркаев Салманна тIехь Iазап латторах а, иза верах а долу бакъдерг. Мел йаккхий халонаш тIехIиттахь а, канало ца хеддаш довзуьйту Нохчийчуьра хьал. Тидаме даьлла масал ду ЯнгулбаевгIеран доьзална дуьхьал репрессеш гIовттор (вежаршна Абубакарна а, ИбрахIимна а, церан дена Янгулбаев Сайдина а, нанна Мусаева Заремина а) — 2015 шарера схьа тахханалц лаьтта и хьал. Жигархо, юрист Янгулбаев Абубакар ву иза а, кхидолу а девнаш довзуьйтуш («Iазапна дуьхьалойаран комитет» олучу проектца цхьаьна болх бира цо масех шарахь). Таханлерчу репрессешна тIехьалаьтта Нохчийчуьрчу тIемийн истори, аьлла хета цунна.
Нохчийн зеделларг а, дакъа кхочуш хилар а
Украина дIалацар шординчу муьрехь оьрсийн мотт буьйцучу юкъараллашкахь дискусси йолаелира массарна а юкъара болчу бехках а, жоьпаллах а лаьцна, иза юкъ-кара йоьрзура наха вовшийн емалбечу, тIе бехкаш бохкучу хьесапе. Лаьара, вай – Оьрсийчоьнан дахархой, цуьнан гражданаш, Оьрсийчоьнан паспорт карахь дерш, къаьмнаш бен-башха а доцуш – къуьйсучуьра совцийла, дерг вай ма-дарра тIеоьцийла, вайна лаахь а, ца лаахь а, Iедало а, президента а лелочух жоп далар дуьсу вайна тIехь, кхин къастам битина бацаре терра, вайна тIедужу жоьпалла а.
Оцу маьIнехь аьлча, тахана къаьсттина мехала ду дуьхьалойарехь нохчаша IаIийна зеделларг. Царна карабора, хIинца а карабо шайна чохь къийсамна ницкъ, таронаш мел ледара хиларх а, тIехь лаьтта кхерам мел боккха хиларх а, ткъа Iедало кеп хIиттайо, шен къомаца цхьаалла йолуш санна, ша цуьнан хьашташ кхочушдеш хьийзаш санна. Кадыровн режимо тIеуьйзу шена нохчийн/вайнехан гIиллакхийн, мехаллийн оба, нохчийн къоман цIарах лела бакъо шен кара а эцна. Изза леладо федералан Iедало а, «оьрсийн дуьне» а, «ламасташкара мехаллаш» а, Оьрсийчоьнан Федерацина юкъадогIучу халкъийн истори а юхакхолларца. Халкъашца дерг цхьа чолхенаш йоцуш ца нисло Кремлерчу пропагандин цкъа а: цхьаццадолу къаьмнаш дийца доху цкъа, цаьргахь шаьш-шайна девлла даха субъекталла йолуш санна, юха уьш юкъарчу оьрсийн сибатах цхьаьнатуху, тIаккха нисйо шатайпа гибридан, моттаргIин кеп (масала, пропагандин лозунг «Со гIалмакхо ву, амма тахана вай массо а ду оьрсий!»).
Нохчийн дуьхьалоно, шен къоман историна, динна, маттанна, синбахамна, турпалхойн, ларам бан хьакъболчу къоман векалийн васташна тIе а тевжаш, кхиийна пропагандин кепашна дуьхьаллатта таро луш йолу стратеги. И мехаллаш дуьхалхIиттайало хаамийн гIирсаша кхуллучу тIемалойн, террористийн васташна а, Кадыровн режимо, социалан масалшка а дехкина, кочатуьйсучу божарийн а, зударийн а харц ламасташна а.
Альтернативан васташ оьшу гIиллакхийн а, мехкаллин а буха тIехь хьалакхиинчу Дуьхьалонна. Украинера тIом шорбелча дуккха а кхиина тIамна а, колониалан кепашна а дуьхьал гIап туху жигараллаш. Нах цхьаьнабеттало шайна шайн истори евзаш а, шаьш цхьа мотт буьйцуш а хиларе терра, церан йиш ю шаьш цхьа дакъа дуйла, цхьа къам дуйла хаа, пропагандо, пачхьалкхан историно кхуллу васт йуьстахтатта, оьрсийн маттах, колониалан культурах дIакъаста. Дуьхьало хьакъдоллуш онда хуьлийла дац цхьаалла йоцчохь.
Политикан аренашкахь цкъачунна гуш йац «Оьрсийчоьнан вахархо» шех олучу вастан альтернативан аналог. Карикатура а, цIеххьана шех мем а хилла лелачу «дикачу оьрсичун» васто гойту и кхачамбацар. Муха хила тарло тIом безаш воцчу, оппозицигахьа, колониалан режимна дуьхьал волчу Оьрсийчоьнан вахархочун васт? ХIун хила тарло юкъара, муха хила тарло ерриг юкъараллин протестан бIаьрла сурт? Этникан, культуран башхаллаш ца эшош, уьш къобал еш, исторехь цхьацца дакъошна йина чевнаш къайла ца хьош, къестамаш ца беш, юкъарчу Iалашонна гонах адамаш гулдан лерина кхуллу политикан альйансаш муьлхачу хотIехь хила еза таханлерчу Оьрсийчохь?
Нохчийчуьрчу Дуьхьалонан историно аьтто бан тарло оцу хеттаршна жоп лохуш — ситуаци тера йогIуш хиларна а дац иза, ду нохчаша ловш лаьтта колониалан гIело еххачу хенахь тергамза йитина латторна а, вешан позици юхаденйан езаш хиларна а, бертанна керла бух кхолла безаш хиларна а. Шайн латта оккупацехь, колонийн хьолехь латточу, шайн истори, культура йохо хьийзочу, шайн маьIданаш Москвано шена дIаийзочу хьелашкахь дехачу къаьмнашна нохчийн Дуьхьалоно масал гойту, муха чIагIдала деза къам, муха кхолла беза политикан сацамаш, шайлахь уггаре радикалан некъ сепаратизм йа автономин буха тIехь лаьтта политикан субъекташ кхоллар а долуш. Колониалан гIело Оьрсийчоьнан чоьхьарчу политиках дIакъаста туьгуш доцу дакъа хилар ган уггаре хьалха декхаре бу къомах оьрсий болу а, этникан орамаш иэбелла йа байна беха а нах. Къаьмнийн башхаллаш а ца лоьруш, нехан бакъонашкахьа, маршонашкахьа а деза къийса, уьш шайна оьшуш хилар а гойтуш, политика къовса еза юкъарчу мехаллийн пусар дарца — цунах бозу массеран а аьтто.